Тема: 

Хууш ма-хиллара, муьлха а доьзал — стаг-зудий цхьанакхетарца болалуш бу. Юьхьанца, оцу шиннах кхоллало муьлхачу а юкъараллин уггаре жима, амма доккхачу маь1не долу дакъа. Оцу тайпанчу дакъойх х1оттало, кхид1а а кхуьу х1ора къам.

Ткъа, оцу къоман билгалонех, масала, — оьздингалла, сий, къонахалла, къинхетам белахь — дуьнено лекх мах хадабо ишттачу халкъан а, цуьнан векалийн а. Наха олу: «Оцу къоман нехехь йолуш ю стогалла, хьаш-да везар, къинхетам, собаре хилар...» Иза лекха мах хадор ду.

Ойла йича, и  дерриге дуьххьара  доьзалера схьадолу, ден-ненан юккъехь йолчу юккъаметтигех д1атарло. Вуьшта аьлча,  доьзалера схьадолалуш ду  къоман а,  Даймехкан  а син  хьост. Иза ц1ена  хуьлуьйту зудчунна а, майрачунна а юккъехь кхоллалучу имано а, беркато а...

Комментарии