В рубрике: 

Вайнахехь дукха хилла бохамаш, халонаш, харцонаш, заманашкахь зер. ХIетте а, нохчий ца бовлу шайн гIиллакхех. Даима а ларбина нохчаша шайн мотт, сий, дин, шайн Iадаташ. Муьлххачу халонашна юккъе нисларх, цакхетамаш хиларх, йохь лоруш, ларбелла вочунах. Дац иза, вайн халкъехь массо а нийса, атта ду, бохург. Историхь хууш ду, халкъашлахь тIемаш хиллачул тIаьхьа, доьхна къам, халонаша эшош, церан буьрсачу къизалло исбаьхьаллех къастош, дайна: тIаьхьешна а, шайна а, нахана а доцуш.

Иштта, хало тIехIоьттича, Делан къинхетамца, даима а хилла вайн юккъехь яхь йолу нах..."Яхь" боху дош дайна дац нохчашна юккъехь тахана а. Оцу ширачу дешан маьIна деза хилла даима а. "Яхь"...Цо ларйина адамалла, йохь. Дала а хьехна и хила, бохуш нахехь. Ткъа, цуьнан мехалла хуур яц, Даймехкан геналлехь гIо эшча бен...

Европан нохчашлахь кIезиг бац шайн халкъах дог лозуш болу нах. Царех цхьаъ ву оха шуна вовзийта лерина: Нохчийчоьн вахархо, тахана Европехь вехаш волу Вазиз Вагаев. Шайн накъостийн гIоьнца цо схьайиллина Австрихь нохчийн берашна лерина беш. ХIу ю цуьнан Iалашо? Вайн бераш шайн ненан маттахь, шайн къоман культурех ца довлийтар. Йиш ю кхузахь кхечу къаьмнийн берийн дакъалаца а. Вазиза ша иштта дуьйцу цунах лаьцна:

"Х1ара беш оха схьайиллина ю 2012-чу шарахь. Кечам беш, хан сихха дIаели:вай- вайн махкахь ма дац. Массо а хIума дан дезаш дара: гIишло караян, оьшуш долу кехаташ гулдан а. Iедало а тIеIаткъам бора, х1инца а тидамехь латтабо тхан болх, амма реза ду оха дан тIелаьцначунна. Тхан белхахошна юккъехь бу кхечу къаьмнийн векалш а, меттигерчу системан болх бевзаш болу белхахой а. ХIокхера къоман кхиорхо хилар дуьйна. Нохчийн берашна оха Iамабо нохчийн, оьрсийн, Iарбойн а меттанаш, Къоран а. Группаш тайп-тайпана ю: цаьрга хьаьжжина, оха берашна хьоьху сербойн, боснийн, туркойн меттанаш а. Динара ю тхан хьехархочун практика а йолуш оьрсийн маттехула йолу кхиорхо-педагог. Асет ю оьрсийн, нохчийн метташхула педагог. Ший а лаккхара дешар чеккхдаьккхина ю. Сайх аьлча, ас чекхъякхина Нохчийн университет. Хьехархочун болх бина оьрсийн, нохчийн, ингалз меттанаш хьоьхуш 25 шарахь. Юха кзузахь, Австрихь, 3-4 шарахь дешна университетехь. Австрийски берашна ас хьехна оьрсийн а, ингалз а меттанаш.

Берашца болх бан йоккха жоьпалла хила еза. Хаарел сов, собар хила деза...Цкъацца доьзалшкахь а дай-наношна шайна а хала хуьла бераш кхио а, кхето а. Йоккха корматалла оьшу... Хьаьнг-хьаьнга балур болуш бац берашца болу болх. Цхьа хало ю: хала ду, аьлла я цомгаш ду, бохуш, бераш йисте даха йиш яц тхан. Оха ишттанаш а юкъалоцу тхан группашна. Кегийчу берашца кхетош-кхиоран болх дIабахьар чIогIа мехала ду, хIунда аьлча, иза церан кхетам кхуьуш хан ю. Эц хенахь дуьйна царна мотт, г1иллакх, оьздингалла, дин 1амадахь,-т1аьхьа атта хир ду дуьненах кхета, шен мохк биц ца бан, беза.
Ала деза, берийн кхача кечбар- къаьсттинчу тидамехь латтадо оха. Иза цхьана кепарчу "менюхь" ца буьту оха. Дай-нанойшца з1е а латтош, цаьрца дага а довлуш, тайп-тайпана хуьлуьйту яъх1ума...4 тоба ю оха вовшахтоьхна 100 стаге кхочуш. Низам а лардан дезаш ду. Тхо долчу комисси еъча, дуьхьарчу дийнахь лаккхара мах хадабой, т1еоьцу тхан болх. Иза цхьанхьа а цу тайпа нислуш дац...Цундела, х1окху коштехь бехачу туркойша, боснийцаша, сербаша тхо долчу дийладо бераш, "шайн" бешашка а ца дуьгуш..."

Динарица хиллачу къамелехь, цо иштта элира:

"Берийн шатайпа беш кхолларан Iалашо еара тхоьга вай Даймахкахь доцу дела.Бераш дита йиш яц шайн матте, махке безам ца кхоллуьйтуш, школе даг1а кечам ца беш. Дукха хан йоцуш, тхан 2 к1ант дека тесташ йолуш чIогIа реза болуш тIеэцна школе. Тхан хьалхара группа "экспериментальни"ю: къаьсттина вайнехан берашна лерина.ШолгIаниг-арбойн, тунисийн, боснийн, сербойн берашна лерина. Массарна оха 1амабо шайн-шайн культурийн чулацам, довзуьйту кегийчарна даймехкан Iалам, историн агIонаш. Мотт Iамош, пайдаоьцу туьйрех, чехкъаларех, дийцарех. Иштта, вайн къоман цхьа дакъа европейски культурана юккъехь ца дайтархьама, шайн Даймохк биц ца балийтархьама болийна оха хIара болх..."

Ала лаьа: беркате кхиамаш а, аьтту а хуьйла аш вовшахтоьхначу а, дIахьочу а балха тIехь!

Radio-Zhurnal "EU-Tschetschenien"
Автор Zama A.

Комментарии