В рубрике: 

Вайнехан историн т1аьххьарлерчу чолхечу хийцамашкахь, исторически боццачу муьрехь цкъа х1аллак1хуьлуш, юха денлуш, бетталуш схьабеа вайн Даймохк-Нохчийчоь. Цуьнца цхьана, оцу халачу шерашкахь баккхий баланаш хьийги вайн халкъо а. Т1ом бахьанехь, цуьнан жима доцу дакъа д1асадаьржи дерриге а дуьненахула.

Тахана шайн махках а хьоьгуш, уьш бехаш схьабог1у Европан а, Американ а тайп-тайпанчу мехкашкахь. Яхь д1а ца яла г1ерташ, кортош охьа ца те1ош, карарчу хенахь царех тоьллаболчара 1амадо вайнехан т1екхуьуш долу чкъор вайнехан г1иллакхашна, йовзуьйту царна вайн халкъан культура, эшарш, 1амодо хелхаршна...

Ишттачарех цхьа ю тахана Финляндихь ехаш йолу вайн махкахо Саралиева Мадина. Цуьнан ц1е дика дагайог1ур ю мацахь Айдамирова Айманис вовшахтоьхначу "Жовхар" ансамбль езархошна. Х1окху тобан дакъалацархо хиллачу Мадинех лаьцна къаьсттина дийца деза.

Ц1ера Урус-Мартанера йочу х1окху йо1ехь жима йолуш дуьйна гучуболу къоман пондаре, нохчийн эшаршка болу безам а, музыкальни пох1ма а. Иштта, 5-чу классехь йолуш, иза деша х1утту музыкальни школе. Кхузахь цо 1амабо аккордион. И школа лаккхарчу кхиамца чекхъяьккхинчул т1аьхьа, цуьнан даго къастабо хинболу дахаран некъ.

Цул т1аьхьа, ненан а, ден а пурбанца иза деша йоьду музыкальни училище. Х1инца а дага оьху цунна, шен ден- ненан пондарчан корматалех лаьцна шен нанас дийцинарг. Цуьнга хьаьжча, Мадинан ден-нана нохчийн пондар лакхарехь Димин 1умарца къийса а луш, ч1ог1а говза пондарча хилла.

Цуьнгара кхаьчначух тера ю Мадинан музыкальни говзалла а...Амма цхьана дийнахь доьзале бохам беара: велира ваша. Холчу х1оьттинчу йишас ч1аг1о йира, ша кхин цкъа а пондар кара оьцур бац, аьлла. Амма нанас элира:"Дуьненчохь нислушдерг вайн карахь дац, йо1.Ахь къастийнарг –халкъан г1уллакх ду, говзалла а хьуна Дала елла ю. Иштта г1уллакх дита йиш яц " .Цул т1аьхьа Мадина деша меттах1утту ша йитинчу училище.

1990-чу шарахь иза юкъйоьду "Жовхар" бохучу фольклорни ансамблана. Х1етахь, Ц1ечу дипломца дешар чекхдаьккхинчул т1аьхьа, цо 20 шарахь болх бо оцу коллективехь." Йижарий санна дара тхо вовшашца, бертахь а, кхиамца а болх бора, республикехула, цунна дехьа а гастролашка а оьхуш,"-дагалоьцу Мадинас. Амма, беанчу т1амо хийцира мелдерг...

Шен доьзалца цхьана Мадина 5 шарна нисло Г1алг1айчоьн Карабулак олучу метте. Амма цигахь 1аш а, цо ца буьту шена безаш болу болх: музыкальни куьйгалхо хилла д1ах1утту меттигерчу ДК-хь. Д1аоьху атта  доцу шераш ...Цхьана дийнахь ансамблан дакъалацархой гастролашца кхочу Финлянди махка. Кхин д1а болу некъ кхузахь нисбелира...

"Тхох ши йо1-Лайлаъ а, Марха а,-сахьийзаш, 1ан ца елла, ц1а яхара,- дуьйцу Мадинас. "Малижа т1екхоччохь, Хельсинкихь ехаш ю. Кхиберш Виматра олучу меттигехь бисна бу. Циггахь 1аш ву тхан вотанча а, пондарлакхархо Шахгиреев Сайпудди а,-чекхдоккху цо". Кхузахь Мадинас дийцарехь, иза кхийтира: т1екхуьучу т1аьхьенна лерина вовшахтоха еза шайн къоман культуран чулацам бовзуьйтуш йолу коллектив.И г1уллакх шен т1еийцира Мадинас.

Тахана х1окху коллективо 1амайо нохчийн эшарш, вайнехан хелхарш, х1иттайо постановкаш. Т1ейог1учу хенахь куьгалхо дагахь ю меттигерчу матте а яьхна, вайн къоман искусствон произведениш х1окху махкана а йовзийта. "Цхьа дика , тхуна г1о дира 1едало а занятешна чоь яларца. Ас кхайкхича, дуьхьал дош ца олуш, г1оьнна бог1у ц1е яьхна болу: Теркйистера музыкальни белхахо Шахгиреев Сайпудди, Марижа а, берийн дай-наной а. Иштта, баркалла ала лаьа тхуна костюмаш тегарца г1о динчу эстонкина, циркан белхахочунна Джабраилов 1абдуллина а,"- бохуш, дерзадо Мадинас.

Иштта, х1инцале гастролашкахь дакъа а лоцуш, хьалхара меттигаш а йохуш, хьежархойша дика мах а хадош схьайог1у Саралиева Мадинас вовшахтоьхна а, ша куьгалла деш а йолу Финляндехь бехачу нохчийн берийн бертахь коллектив. Цуьнан куьйгалхочуьн хьаналчу балхана баркалла а олуш, ала лаьа: ирс, аьтту а, кхиамаш а хуьйла шун т1ейог1учу хенахь а!

Комментарии