В рубрике: 

МостагIо къизаллаш схьалелошшехь: «ГIуллакх долуш а, доцуш а Iаламна зен ма делаш, воккхачух а, зудчух а, берах а куьг ма Iотталаш, герз карахь а доцуш, дуьхьало еш воцург паргIатвиталаш...» -олуш, омра деш хилла Делан Элчано (Делера салам маршала хуьлда цунна) шен бIаьхошка, мостагIчуьнца ша тIом болош.I9II-I93I шерашкахь, Ливийн къам шен маршонна Италхошца тIом беш долуш, сийлахь Омар Мухтар: «Оха ца бойу йийсархой» -олуш, йийсаре валийна ши тIемало-мостагI и ларван хIоьттича. «Цара-м хIаллак ма во вайх верг» -шега шен тIемлоша аьлча. «Уьш бац вайн хьехархой» -олуш, сийлаллийн дешнашца царна жоп делла хиллера тIемалойн баьччано Омара Мухтарас.

Делан Элчанехь а (Делера салам маршалла хуьлда цунна), цуьнан бакъболчу Асхьабашкахь а (АллахI реза хилда царна) хиллачу: гIиллакх-оьздангалло а, доьналло а, цара ийбанчу бакъоно а, кхел ян езачохь, къизалла хьалха а ца йоккхуш, нийсонца, къинхетамца иза яро а, цхьадолу къаьмнаш а, хийла адмашлахь цIе йолу стаг а имане валийна- туьрца дуьхьало а ца еш. Вайн къоман дIаделла чолхечу дахаран маргIал толлуш, цуьнан ораме кхача гIоьртича, Маккахь, Делан Элчано (Делера салам маршалла хуьлда цунна) кхайкхийна бакъо а, нийсо а, цуьнгара гIиллакх-оьздангалла а юьйцуш, шайн лере кхаьчча, Берс-Шайхера схьа, кхиболчу Эвлаяашкахула (Дела реза хилда царна), туьрца дуьхьало а ца еш: «Хьажахь! ХIара бакъо-м вайна яийтина ма хилла Дала!» -олуш, тIеэцна хиллера иза нохчаша. И бакъ хилар чIагIдо, I990 шарахь, Делан дош бусалбанашна юккъехь гIелделлачу хенахь: «АллахIу Акбар!» -олуш, жимачу нохчийн къомо Делан дош айба а, бакъо толо а, маьрша хила а къизалла шеца йолчу Россин империйна дуьхьал луьра къийсам болоро. Кху тIаьххьарчу 25 шарахь нохчашний, Россиний юккъехь боьдучу цу луьрачу къийсамехь-мила ву нохчийн къоманна накъосталла деш орцахваьлларг?

Керстанах а, бусалбанах а пIелгашна тIехь вагарваллал бен накъост а воцуш, 300 эзар сов бехкбоцу вайн йижарий а, вежарий а байина (царех 42 эзар бераш а долуш), тахана а бу нохчех яхь йолу кIентий а, мехкарий а, шайн гIоране хьаьжжина, мостагIанна дуьхьал: маьрша хила а, Делан дашехь нисбала а, бакъо толо а -луьра къийсам латтош. Цо а, вайнехан бIешерашкахь хьалха дIадаханчу чолхе дахаро а, бIаьрзе воцчунна гойту, нохчийн къам маршоне а, бакъоне а, нийсоне а кхийдина хилар а, къарделла соцурдоций а. Шайх Мансуранна тIера схьа, маьрша хила тахана а боьду луьрачу къийсамехь, мостагIо Россис нохчийн къоманна тIехь лелош ю къизаллаш а, террор а, деш ду талораш а. Хийла ярташ ягош, йохош: бехкбоцу доьзалхочух йолу зуда а, баккхийнаш а, бераш а хьаллакдина къизачу Россин Iедало-оьздангалла а, адамалла а, кхинхетам а шегахь бацарна.

Дукха хан йоцуш Парижехь йина теракт. Цигахь дайина бехк боцу адамаш. Мел дукха йина и санна теракташ дуьненчохь тIаьххьарчу заманахь. Яханчу хенан кIоргенера схьа а, тахана а бу, Делаца йолу шайн юкъметтиг цIена хилийта къахьоьгуш-Нохчий. Дала доссийна КъорIан довзарний, Суннат лелорний, цара цкъа а къабал ца йина маьрша адамаш дойуш йолу-террор. Шайх Мансур а, Таймин Бийболат а, Таймасха а, Исраилов Хьасан а, Шерипов Майрбек а, Жовхар а, Аслан а, кхин дуккха а цIарна цIе яхна болу нохчий, чу са кхуллуш, вайн уьш ден бан гIор а хилла: «Аш къобалдой и тайпа бехкбоцу адамаш дайар?»-аьлла, шайга хаттар дича. Вай Делаца чIагIо а еш, дуй баа дехьар дара-иза цара къобалдийриг ца хилар. Бехк боцу зударий а, бераш а, кхидолу адамаш а дайана, и саннарг цхьамма дайича, иза шайна тIе а лоцуш, и тайпа мостагIанна бекхам ца беш-шайн мерзачу сих бовла реза хир ма бара и нохчийн цIе йолу къонахий.

«База цабаьлча тIом а бан беза Нохчочо-оьздангаллех а ца вухуш-!» -олуш хилла, вайн къонахий хиллачу дайша. Нохчийн къоман орамера схьадогIучу низамо эхье а, дастаме а, кIилло а лерина, бехк а боцуш: зударийн а, берийн а, баккхийчеран а синош хIаллакдар-уьш муьлххачу къомах хиларх а. БIешерашкахь вайна а, Россина а юккъехь боьду луьрачу кхийсамехь, дукха ду масаллаш нохчийн яхь йолчу къонахоша шайгара доьналла гайтарца дийлийтана-лакхахь вай аьлларг чIагIдеш. Кочахь муш а болуш, танг1алкхахь ша ирхуллуш, мостаг1о:«Д1адаккхал цунна к1елхьара г1ант»-аьлча. Суьлийн къомах цхьа к1илло, иза д1адаккха вог1уш шена вайча, и т1екхачале, шен когаца г1ант д1а а доккхуш, мерзачу сих ваьлла хиллера Нохчо Бойсхар, имам Шемал санна, мостаг1анна кара а ца воьдуш-суьлийн а, нохчийн а къаьмнийн т1ехьешна юккъехь цабезам ца кхолла.

Шен хенахь, обарг Зеламхас, дайн мостагIий хиллачу гIалгIазкхех воккхачу стеган, хьуьнхахь ша цуьнан де эшначохь тIенисвелча, эцна дог: «Да хьакхийца гергарло долуш хилла хьан!» -аьлла, иза вен а ца вуьйш витар. Мартанхойн йоIа Газуева Айзас (Дала гIазотехь хуьлийтийла цуьнан кхалхар) 2000 шарахь Россин тIеман комендант инарла Гайдар Гаджиев вер- нохчашна тIехь къизалла лелош хилла. И саннарш мел дукха ду дийца, нохчийн яхь йолчу кIенташа а, мехкарша а бIешерашкахь маьрша хила латточу къийсамехь шайгара дийлийтана хьуьнарш-ямартчу а, къизачу а, оьздавоцчу а мостагIах цатарбала. 23. 02. 19944 шарахь нохчийн къам, бехк-гуьнахь доцуш, Россин 1едало Даймахках а даьккхина, сибарех дахийтича, цу 1едало нохчийн кешнашкара чурташна т1ехь лелийнарг-иза тоьар дара цу 1едалан мах хадо. Вандализм-олу цуьнах. Тхо: Европехь а, Канадехь а, Урдунехь а, Истмалахь а, кхийолчу пачхьалкхашкахь а Iар-дахар долу нохчийн къоман векалш-лакхахь билгалбинчу нохчийн къонахойн тIаьхьенах ду. Иза бахьана а долуш, оха дIахьедар до: Парижехь а, цул хьалха йинарш а, Дала ма хилийтойла, тIейогIучу хенахь хьаъа яхь а, теракт- нохчийн къомо къобалйийриг ца хилар. Доцца аьлча, цIенна волчу Нохчочо: Парийжехь а, цигахь санна, кхечанхьа а йина теракташ–къобал ян амал дац.

«Россин империс: нохчашца а, кхидолу кегийрачу къаьмнашца а, кхечу пачхьалкхашца а лелочу боьха, адамалла шеца йоцучу палийтико кхоьллина ю–терроризм а, и лелош йолу тобанаш а» -олуш, вай чIагIделча. И харцдеш дало тоьшалла дац, бакъле ойла йолчу Делан лайн.
«Эша хьаьхна борз гулекхачу яьлла» -олуш, кица ду нохчийн. Тахана, гIор шегахь хиларе терра, Нохчийчохь а, кхечанхьа а лелочу ямартлоно, харцоно, къизалло-гулекхачу ваьккхна Путин. Гена яц хан, юхьIаьржа а хIуттуш-и гулекхачуьра восса. Вай лакхахь ма аллара, Дела воцург накъост а воцуш, Россина дуьхьал: маьрша хила а, бакъо, нийсо чIагъян а, еххачу хенахь–луьра къисам латтош ду жима нохчийн къам. Цу кхийсамехь мостагIо нохчийн къоманна дина зен–инзаре доккха ду. Автомат кара а эцна нохчаша тIом ца барх, цаьрга ала хIума долуш вац дуьненчохь цхьа а. Цахуьле даьлча, нохчашка тIом балурбуй хаийтина вайн къоман яхь йолчу кIенташа а, мехкарша а.

«Деша, деша, деша!» -олуш, Дала сийлахь Жабраил малик дуьххьара т1едаийтийна Мохьамад Пайхамарна (Делера салам маршалла хуьлда цунна)» -бохуш, хезна вайна Делан дош девзачу наха. «Муьлха герз ду уггаре а ч1ог1ачех?» -аьлла, цхьамма шега хаттар дича. «Дош ду. Шен меттахь: дог1уш а, хьекъале а аьллачу дашал-ч1ог1а герз дац дуьненчохь» -олуш, жоп делла боху хьекъал а, 1илма а, х1ума довзар а шегахь долчо. «Хьекъал доцчу къуьрдаго шена т1ехьах1иттина к1орнеш-х1аллакдина!» -олуш, кица ду нохчашлахь. Тахана нохчийн къомехь долу чолхечу хьоланна, къаьсттина оьшу: 1илма а, х1ума довзар а шегахь долу-хьалхаваккха а, т1ехьа ладог1а а-сема Стаг. Цу т1е а доьг1на, ала лаьа: Юхьанцара а, лаккхара а дешаран заведенешкахь дуьненан 1илма 1амор а, Делан дош довзар а, дена-нанна муьт1ахь хилар а, шен а, къоман а орам бовза къахьегар а, дег1ана а, сина а Нохчалла марзъяр а-уьш ду тахана Европехь а, кхечанхьа а д1атарбеллачу нохчийн кегирхоша шайн 1алашоне эцадезачех коьртанаш.

«Даза цадолу х1ума жима а, доккха а хиларх, иза дале: «ХIун ду дан дезарг?, Муха далур ду иза?, Маца долийча бакъхьа ду и х1ума кхочушдар?» -бохучу кхаа хаттарна нийса жоп карийча, и х1ума ах кхочушхилла лара мегар ду» -алара, вайн хьекъале дайша. Маршо езачу нохчаша дан дезарг: тахана вайн къомехь долу чолхечу хьолан а, мостаг1ан Россин сийдацаран а, дуьненчохь хIоьттина ирчачу суьртан а мах хадош-Закаев Ахьмадас а, цуьнца цхьаьна болчу накъосташа а билгалдаьккхина. «Харцо ю, кхин хила йиш а йоцуш, Россин империс жимачу нохчийн къомаца кху тIаьххьарчу 25 шарахь лелош. Бакъонца кхоллина Нохчийн Ичкери цIе йолу пачхьалкх а йохийна, шегахь гIор алсам хиларе терра, тхан дайх дисина хьанал латта хьоьшуш, нохчийн жима къам дохийна хьийзош ю муьжгийн Росси. Инзаре доккха ду Россин империс нохчийн къоманна дина зен.

Оха д1ахьедар до дуьнене, тхан къомехь долу лазар бакъонца кхоьллина Нохчийн Ичкери пачхьалкх Россин империс, шегахь ницкъ алсам хиларе терра-йийсаре лацар ду. Нохчийн коьрта 1алашо, Ичкери пачхьалкх Россин куьйгак1елхьара парг1атъяккхар ю. Адамийн а, къаьмнийн а бакъонаш ларъян декхарийлахь йолчу Дуьнаюкъара лаккхарчу урхаллашка:

-Нохчийн Къоман Ичкери пачхьалкх меттахIоттош гIо даре; - Россис нохчийн къоманна динчу зенан мах хадо талламан тоба кхолларе, цу тобано динчу жамIийн, Дуьненаюкъарчу низаманна тIе а тийжаш кхел яре» -бохуш кхойкху, Закаев Ахьмад коьртехь волу Ичкери пачхьалкан кеп ларъеш долу Iедал. Цу хьокъехь, шайн гIоране хьаьжжина, Закаев Ахьмадаc а, цуьнан накъосташа а къахьоьгуш хилар чIагIдеш, дуккха а ду тоьшаллаш дало. Нохчашна а, Россина а юккъехь, кхечу тIегIана а баьлла, тахана а боьдуш бу тIом. Вайн кхетаме диллича, Закаев Ахьмадас а, цуьнан накъосташа а хьоьгуш долчу къинан, нохчашкахь а, дуьненчохь а долу чолхечу хьолан, зен–пайда а узуш, мах хадийча–вайн къоманна пайдехь а, иза толаме кхачо а герз ду цара караэцнарг. Лакхахь йозане дехкинарш чIагIдеш дало кхин дуккха тоьшаллаш а долуш-кхайкамца дош дерзадо оха:

- Даймахках а хаьдда, Европехь а, кхечу пачхьалкхашкахь а Iаш болчу нохчашка доьху, де эшначу хенахь тховкIело а елла, кхидолу гIо а деш вай тIеэцна хиларна, цу пачхьалкхийн низам лардаре а, къаьмнашца гIиллакхца хиларе а;

- бехк боцу адамаш а дойуш террористийчески акт яр, муьлххачу къоман векалша и йича а, нохчийн къоман лаамца догIуш ца хиларна-иза емал даре;

- доьзалхошка ненан мотт биц ца балийта, нохчийн гIиллакх-оьздангалла дIа ца тасийта, церан дегнашкахь Даймахке болу безам кхио-дайша а, наноша а, мало а ца еш, къахьегаре;

- кегирхоша Iилма Iамо а, корматалла кхио а, Делан дашехь нисбала а- шайн дегнашкахь нигат даре;

Дерриг а хуушверг Дела ву. Тхайгахь болчу кхетамна а, х1ума довзарна а, лаамна а тIе а тевжаш, оха лакхахь йозане биллинчу кхайкхамехь къоманна зене дерг тардинехь-къинтIера довлар доьху вежаршка а, йижаршка а.
Сийлахьчу АллахIе доьху, нохчийн къоманна маршене боьду некъ къасто: хьекъал, кхетам, собар далар а, иза шен Iалашоне кхачор а!

Европерачу Нохчийн МухIажарийн Къанойн Кхеташонан тхьамда Хучин Ахьмад
12. I2. 20I5 шо.

Комментарии